Нагахь и гӀуллакх адаман агӀор тӀеэца мегар доцуш делахь, муха мегар ду вай ойла ян, Хьекъале а, массо хӀуманах Хааш а волчу АллахӀа и исбаьхьа долу дуьне иштта говза а, кхоччуш тоьлуш а кхоьллина, тӀаккха иза цхьа а Ӏалашо а, хьекъал а доцуш дохор ду аьлла?
Баккъалла а, Аллахӏа адамаш сийлахь-доккхачу хьекъалан дуьхьа кхоьллина, иза – Цунна, Шеца накъост а воцуш, Цхьанна Ӏибадат дар ду. Иштта Цо уьш хӏокху дуьненахь зен а кхоьллина, царна Къематдийнахь шаьш динчу ӏамалех хьесап дайта гӏовттор йолу хан а хӏоттийна. Ткъа милла велахь Аллахӏах тешна, Цуьнан кхайкхамна жоп делла, цунна Ялсаманин ирс хир ду, гуттаренна а цигахь Ӏаш. Ткъа милла велахь бакъонна тӏехьатоьхна вирзинарг, иза жоьжахатин ахӏлунах хир ву.
Ткъа Ӏибадат – вайна тӀедиллина декхар ду, хӀунда аьлча иза вай кхолларан Ӏалашо ю. Иза вай шукар даран а, АллахI дела хилар а, Иза цхьаъ хилар а къобал даран а тоьшалла ду.
Ойла ехьа, Веза-Сийлахь волу АллахӀ ву-кх хьо кхоьллинарг а, хьуна хезар а, гар а делла хьо сийлахь винарг а, дагар а дина ца валлал долчу ниӀматашца хьуна го баьккхинарг а. И ву-кх хьан пхенашкахула цӀий леладерг, хьуна хи а, хӀаваъ а рицкъана луш верг. Ткъа хьо хӀора сахьтехь Цуьнга хьашт ву. Цуьнан къинхетам а, дола а дацахьара, хьо хӀаллакьхир вара, хьан ницкъ а дӀаболур бара. ХӀетте а, Иза – ЦӀена ву Иза – хьан рицкъанан дола дан тӀелаьцна, хьо хьайн ненан кийрахь гӀийла, хьайна дола дан хӀума а доцуш, бер долуш а.
Иштта Сийлахь-Веза Кхоллархо хьакъ вац те ахьа Цунна Ӏибадат дан, Цунна ма-лаъара, хьуна ма-лаъара а ца деш؟! КӀорггера ойла ехьа: нагахь ахьа хьайн нанна совгӀат дала дагахь хиллехьара, ахьа хьайн лааме хьаьжжина товш дерг лур дара цунна, я цунна хӀун деза хаа гӀерташ, иза йоккхаеян цунна догӀург лур дара? Иштта Сийлахь-Везачу АллахӀана Ӏибадат дар а хила деза вайн лаамашца я дайшкара схьадеанчу Ӏадаташца догIуш доцуш, ткъа иза хила деза Цунна, Веза-Сийлахь волчу, ма-лаъара а, Цо вайга омар ма-дарра а.
Ӏибадат цхьана сийлахь-везачу АллахӀана дан деза, цуьнан накъост а воцуш. Адамна шен Кхоллархо воцчунна Ӏибадат дан ца мега. Жоьжахатехь даиманна вита везаш долу уггаре доккха къа – иза АллахӀана накъост вар ду. Иза ду адамо АллахӀ воцчунна, Цуьнан кхолламех цхьанна Ӏибадат дар, масала, цӀушна, я малхана, я баттана, я стагана, я дийнатана, я дикачу стагана Ӏибадат дар. И дерриге а ширкан а, керсталлин а тайпанех ду. Оцу тӀехь велларг жоьжахатин цӀергахь даиманна хир ву.
Дала дукха пайхамарш а, элчанаш а бахкийтина, дуьненахь вай хиларан а, дахаран а Iалашох лаьцна вайна хаийта. Массо а элчанийн хаам цхьаъ бара: иза Ислам дин дар а, Кхоллархочунна цхьанна, цуьнца накъост а воцуш, ӏибадат даре кхайкхам бар а. Амма хьалха баьхкинчу элчанаша деанарг хийцина а, харцдина а нах карийра. Цундела Дала ваийтира элчанийн тӏаьххьарниг – Мухьаммад, цунна доссийра адамашна тӏаьххьара хаам – Сийлахь Къуръан. Къуръан – Делан дош хилар а, иза хийцамашна а, харцдаларна а кӏел ца дисна цхьаъ бен доцу жайна хилар а чӏагӏдеш, хьекъалан а, ӏилманан а дукха тоьшаллаш ду. Дала Къуръан чохь вайна хаийтина, Адамегара Ислам дин доцург къобал дийр доцийла, иштта массо а элчанийн хаам цхьаъ хилар а: Кхоллархо цхьаъ варе а, цунна цхьанна, накъост а воцуш, ӏибадат даре а кхайкхам бар. Дала Къуръан чохь вайна хаийтина, муъмин нахана гуттарлера ялсамане а, ирс а хирг хилар, ткъа Аллахӏ воцчунна ӏибадат динчунна я Ислам дин тӏеэца реза ца хиллачунна – лазош долу жоьжахатин цӏе а, ӏазап а хир ду.
Ислам дин кхечу динех къастош дерг - бусалба нахана бен таро цахилар ю, тешамечу хаарийн хьосташна тӏе а тевжаш, ӏилманан а тоьшаллашца чӏагӏдан, тахана шайн карара Сийлахь-Долу Къуръан - хийцамах а, харцонах а лардина долу Кхоллархочун Аллахӏан дош хилар.
Сийлахь-Дозалла долу Къуръан – иза Дала Шен пайхамарна Мухьаммадна (АллахIера салам а, маршо а хуьлда цунна) доссийна Жайна ду. Цо оцу Къуръанца адамаллина дейтта бIе шарал сов зама хьалха кхайкхам бина, цуьнах тераниг я цуьнах тера цхьа сурат дало аьлла, амма церан и дан гIора ца кхечира. И кхайкхам тахана а бу лаьтташ, цхьаннан а аьтто а бац цуьнах тера хIума дало, шен исбаьхьаллехь а, говзаллехь а, Iаламат хиларехь а, шариIатан хьукманашкахь а. Иштта, заманаш хийцаяларх а, цхьаннан а гIора ца кхечира цуьнах тера я цунна герга хIума дало.Къуръан чохь долу Ӏаламат шен маттахь говзаллин а, билгалонан а лаккхара бараме кхаьчна хиларца доьзна дац, амма иза кхин дIа а доьдуш ду, иза Делан дош хилар чIагIдеш долу хьекъалан а, Iилманан а тоьшаллаш чулоцуш. Нагахь санна Сийлахь-Дозалла долчу Къуръан чохь иза Делан дош хилар тIечIагIдеш билгала тоьшаллаш делахь, тIаккха хьекъале а, нийса а долу лелар – иза бакъдар а, цо ма-бохху лелар а ду, адамаша шайн куьг тоьхна хийциначу кхечу жайнашна тIетевжарал а.
Кхетамечу хьекъало вай кхетадо, дуьне кхоьллина а, цуьнан низам кхоччуш нисдина а волчу Кхоллархочун дош бакъдерг довзаран уггаре а бакъ болу хьост дуйла. Ткъа Къуръан чохь вайна меттан иштта Iаламат а, Iилманан бакъдерш а, кхоччуш долу шариIатан хьукманаш а карийча, цул совнаха иза заманашкахула харцдаларх лардина хилар а гучу даьлча, иза Делан дош дуйла къобалдар бен, кхин некъ ца буьсу.
Цундела, Къуръан чохь яздинчух тешар ийманан харжам хилла ца Iа, амма иза бакъдерг лахаран логикица догIуш болу хьекъале сацам а бу.
Адам кхечу массо а кхоллараллех къастош йолу уггаре коьрта башхалла – иза хьекъал ду. Цуьнан декхар – ойла яр а, бакъдерш лахар а ду.
Ислам - иза могуш хьекъалца а, нийсачу фитратца а догӀуш долу дин ду, цо хиларан доккхачу хаттаршна хьекъале жоьпаш ло: вай хӀунда ду кхузахь? вай дахаран Ӏалашо хӀун ю? валарна тӀаьхьа хӀун хир ду?
Ислам дин Кхоллархо цхьаъ веш Цунна Ӏибадат дарна а, «АллахI воцург кхин дела вац» аьлла тешалла дарна а тIехь лаьтташ ду. Иза ду хьалхара тешалла, иштта Ислам динехь иманан бух а бу иза. Цуьнан маьӀна ду: бакъонца Ӏибадат дан хьакъ верг Цхьа АллахI воцург кхин цхьа а вац.
ХIокха ШахIадатан юкъа догIу:
Тавхьид: аьлча а, Ӏибадат дан хьакъ волуш Цхьаъ бен воцучу Делах тешар ду, Цуьнан накъост вац, доьзал бац, Цунах тера хӀума а дац.
Ширкех мукъа хилар: аьлча а, адамаша йина массо а цІунаш а, деланаш а харцдар.
Исламо дерриге элчанах тешар тӏедуьллу. Цундела бусалбанаш, Аллахӏа Къуръан чохь ма-хаийтара, теша ӏийса – Аллахӏан лай а, Цуьнан элча а вуйла, иза Аллахӏан кӏант воцийла а. Хӏунда аьлча, Аллахӏ Сийлахь-Веза ву, Цуьнан зуда я кӏант хиларх Цӏена ву Иза. Иза царах шиннех а, массо а хӏуманах а паргӏат ву. Иштта Аллахӏа вайна Къуръан чохь хаийтина ӏийса пайхамар хилар а, Аллахӏа цунна шортта ӏаламаташ далар а, Аллахӏа иза шен къоме, Ша цхьаъ волу Аллахӏана ӏибадат дайта, Цуьнца накъост а воцуш, ваийтар а. Кхин а хаийтина Цо, ӏийсас нахе шена ӏибадат де ца аьлла, ткъа цо ша шен Кхоллархочунна ӏибадат дора. Нагахь санна хьан ӏийсах, Аллахӏана хьакъ ма-деззара, теша лаахь, хьуна тӏехь ду ислам дин тӏеэцар.
Хьекъал долчу стага шена санна долчу кхоьллинчунна, мацлучунна, хьоглучунна, ша-шена тIера Iожалла а, зен а дIатоха ницкъ боцчунна Iибадат дар хьекъале дуй те?! ХIай адам, ахьа муха до Iибадат Марьяман кIантана Iийсана, иза дааррий, маларрий оьшуш стаг хилла волуш, шен Кхоллархочуьнга ламазца вирзина хилла волуш?! Хьекъало тIеэца йиш юй те Дала Шена-Шега ламаз дар?! АллахI вац тIкъа Сийлалла йолуш верг, Шен кхачамаллехь цхьаъ бен воцург, Шех тера а, Шена нисвала а хIума доцуш ЦIена верг, дуьне-Iалам чохь дерриг а Шен ницкъана а, Iедална а кIелахь долуш верг? Муха хьекъале ду Стигланийн а, лаьттан а Кхоллархо бер санна дуьнен чу валар, тIаккха Ша кхоьллинчарна жIарах тохийта Ша дIавалар? Баккъалла а, жIарах тохуш а, бойъуш а берш – уьш лийр долу адамаш ду. Ткъа Кхоллархо – Иза цкъа а лийр воцу Дийна верг ву, набаро а, самадаларо а ца оьцуш волу Даим ГIаролехь верг ву. Ишттачух ЦIена хилар Цуьнан йоккхаллин а, сийлаллин а кхачамаллех дац те?
Сийлахь-долчу Къуръан чохь АллахIа вайна хаийтина, массо а элчанаш цхьана кхайкхамца баьхкина хилар, иза бу – шайн къаьмнашка цхьаъ волчу, накъост воцучу АллахIана Iибадат даре кхайкхар. Амма заманаш яларца, цхьаболчара и даималера кхайкхам тилбина, пайхамарша даьккхина долу Товхьидан нур дIа а дайина. Цундела АллахIа тIаьххьарниг волу элча Мухьаммад ﷺ ваийтина, цунна тIе Сийлахь-долу Къуръан а доссийна, цул хьалха хиллачу массо а элчано яьккхина йолу Товхьидан кхайкхам карла яккхархьама.
ТӀаьххьаре а оха хьоьга олу, хӀай адам:
Баккъалла а, Ислам – хьекъалан а, Ӏаламан а дин ду. Иза Сийлахь-Везачу Кхоллархочо адамашна хӀоттийна цхьаъ бен доцу дин ду; цундела хьекъал долчу хӀора а адамо сихонца Ислам дин тӀеэца деза, АллахӀ Дела хиларх а, Ислам дин хиларх а, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Цуьнан Элча хиларх а тешарца. ХӀара адаман харжам бан бакъо йолуш гӀуллакх дац, хӀунда аьлча, Къематдийнахь АллахӀа цуьнга хоттур ду элчанашна цо хӀун жоп делира аьлла. Нагахь иза иман диллина хиллехь, цунна хир бу боккха кхиам а, декъалхилар а, ткъа нагахь иза керста хиллехь, цунна хир бу билггала эшам.
Нагахь санна ахьа хIокху дуьненахь бакъ долу ирс а, эхартахь толам а лахахь, тIаккха хьуна хаийла, хьайн дахарехь ахьа тIеэца йиш йолу уггаре а доккха сацам – иза Ислам дин тIеэцар ду. Хьуна тIехь дерг-м хIара дешнаш бакъонца тешначу даггара алар бен дац: «Ас тоьшалла до, АллахI воцург кхин дела ца хиларца, ас тоьшалла до, Мухьаммад – Цуьнан Элча хиларца». Цул тIаьхьа, хьайн дин Iамаде, оцу шина тоьшалло тIедуьллучунна тIехь болх а бе: АллахIах а, Цуьнан Элчанах а иман диллар а, Исламан арканаш лардар а.
Ала и хӀинца, шек а ма вала. Ӏожал-м цӀеххьана йогӀу, цундела иштта мехала сацам тӀаьхьа ма татта. Дикачу некъах хьо юхаверзо ШайтӀанна таро ма ло. Майра хила, нуьре а, нийсачу новкъа а воьду хьайн некъ дӀаболабе.
Хӏинца хьайн сацам бе а, синтемца а, резахиларца а дуьззина керла дахар дӏадоладе.
Ас тоьшалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларца, юха а ас тоьшалла до, Мухьаммад – АллахIан Элча хиларца.
Нагахь хьуна Ислам дине ва лаахь, ахь хезачу озаца хӀара шахӀадат дало деза: Ас тоьшалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларца, АшхIаду ан ла´ Ила´хIа иллаЛло´хI Юха а ас тоьшалла до, Мухьаммад – АллахIан Элча хиларца,